Friday, 26 June, 2026г.
russian english deutsch french spanish portuguese czech greek georgian chinese japanese korean indonesian turkish thai uzbek

пример: покупка автомобиля в Запорожье

 

NAZMA studio_"Яздехьа..."_И.Келоев_I.Keloev

NAZMA studio_"Яздехьа..."_И.Келоев_I.KeloevУ вашего броузера проблема в совместимости с HTML5
ЯЗДЕХЬА... БIаьстенан сурт дуьллуш кехатан есачу майданахь, Гайтахьа сан дагна сийна бай тIеболу хан. Со ирсе хир ву-кха, сацам бахь сатийсар дайдан ахь, Цхьа ши-кхо могIа а язбина, сатедахь сан. Яздехьа IиндагIех - ловзучех къегинчу малхаца - Дитта тIехь кхозучу, шех хилла човканан бен. Яздехьа баттах а, Iаш болчу даточу аьлханца Седарчий ир а деш, дIатоьттуш боданан пен… Сан иллин мукъамехь тосалахь безаман цIе хьайна, Яздехьа, алий а, хьуо цуьнах цецъяьлла Iа… Яздехьа, кIайн догIа Iуьйкъанна тIедарах цIеххьана, Iуьйре тIе ма-кхаьччи, и терах лаций а дIа. БIаьстенан некъаш тIе ехкинчу керлачу ченашлахь Сан лараш кхин ца гарх лаций а яздехьа соь. Дийцахьа, мутт кхуьуш аренан ялтанийн кенашлахь, Къежбелла сингаттам Iаламах дIа муха оь… Дуьххьара къевкъинчу стигалан стешхачу йовхаран Шеконах лаций а ца яздеш ма Iехьа кхин… Элпаш а ца кхоош – буьртигаш Iаьржачу жовхIаран - Соь кехат яздехьа, схьакхочур дацахь и… дешнаш - Юсупов Iилманан мукъам баьккхинарг а, илли дIаолург а - Келоев Iийса видео - Эдельмежидова Маликин
Мой аккаунт