Thursday, 11 June, 2026г.
russian english deutsch french spanish portuguese czech greek georgian chinese japanese korean indonesian turkish thai uzbek

пример: покупка автомобиля в Запорожье

 

Валид ДАГАЕВ - Батто сагатдо

Валид ДАГАЕВ - Батто сагатдоУ вашего броузера проблема в совместимости с HTML5
БАТТО САГАТДО Орцан дукъах дато маIаш Туьйсуш, батто сагатдо... ЦIестан кIудал нохчийн йоIа Шовдана кIел сецайо. Хета, баттах схьаIийдалуш, КIудал юзу шовдано. Нур-зIаьнаршца безам муьйлу, ЙоIах хьерчаш, цу батто. КIудал юьзна... Iанаоьху БIаьрхих тера дато хиш. Ткъа, йоI яйча, дог а лехий, Нохчийн кIанта лоькху йиш: - ЙоI, хин чами кховдабехьа, Чохь беттан нур даржадай! Ткъа беттан нур ца лахь айхьа, БIаьргийн нур ло суна хьайн! Маржа! ХIинца доцу кема Ткъесах гIатта космосе!.. Маршал хоттуш, даржо тIемаш, Хьол генарчу седане! Лоцур дар-кха стелахаьштиг Стиглахь кхарсто сийна цIе. Стиглан дари цIарца дагош, Хьан цIе язъян цунна тIе! ЙоI, хин чами кховдабехьа, Чохь беттан нур даржадай! Ткъа беттан нур ца лахь айхьа, БIаьргийн нур ло суна хьайн! Ахьмад СУЛЕЙМАНОВ
Мой аккаунт